Политикера дIавоьду ша, боху "Гуьржийн сатийсам" партин хьалханчо Иванишвилис

Иванишвили Бидзина

Гуьржийчохь Iедалехь йолу "Гуьржийн сатийсам" парти кхоллархо а, цуьнан гIантда а волчу миллиардеро Иванишвили Бидзинас дIахьедина, ша политикана юкъара даиманна а дIаволу аьлла, яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо.

"Ас сацам бина диманна а партера дIавала а, цуьнан куьйгалхо волчура дIавала а. Ас дарж дуьту партин гIантден, юьту ша парти а, юхавоьрзу могIарерчу дахаре, 201-гIа шо тIекхачале иза сайн ма хиллара", - аьлла ду партин сайта тIехь зорбане даьккхинчу Иванишвилин кехата тIехь.

Оппозицино боху Иванишвилин и дIахьедар политикан "трюк" хиларх лаьцна. Иванишвили хьалха а дIавахнера политикера, амма цхьанха а дIа ца вахара иза. "Кирхьа тIехьара" кхин дIа а пачхьалкхана урхалла деш хир ву иза", - дIахьедина "Цхьааллин къоман болам" оппозицин партин лидерех цхьаъ волчу Гоциридзе Романа.

"Европан Гуьржийчоь" партин куьйгалхочунна Угулава Гигина хета Иванишвили "дIа ца вахна, амма ведда политикера" аьлла, махкахь кризис хиларца доьзначух а, эпидемин хьал ирдаларна а ша жоьпалле варна кхоьруш.

2020-чу шарахь Лахьанан-баттахь Иванишвилин партино юха а толам баьккхира харжамашкахь, 48 сов процент харжамхойн кхаьжнаш а гулдина. Цо кхоьллира мехкан Iедал.

Оппозицино дIахьедар дина ша реза ца хиларх лаьцна харжамийн жамIашна, ткъа Тбилисехь дуьхьалонан акцеш хилира иза бахьана долуш. "Гуьржий сатийсам" парти кхин а бехке еш ю Оьрсийчоьнехьа политика лелорна, амма Iедалша иза харц до.

Иванишвили Бидзинас "Гуьржийн сатийсам" парти кхоьллира 2011-чу шарахь, толам баьккхира 2012-чу шарахь хиллачу харжамашкахь Саакашвилин Михаилан "Цхьааллин къоман болам" партина тIехь, ма дарра аьлча, махкара вада дезийтира, инарлин прокуратуро 4 бехктакхаман гIуллакх долийна волчу Саакашвили Михаилан.