Дагестан а, ГIалгIайчоь а тIаьххьара мехкаш бу инвесторийн тергаман рейтингехь

RAEX агенталло ша хIора шарахь хIоттош йолу инвестицешна томехь болчу мехкийн рейтинг хIоттийна. ТIаьххьарчу меттигашкахь ю Дагестан а, ГIалгIайчоь а.

Эксперташа бахарехь, пандемин хьелашкахь инвесторшна кхераме хета и ши мохк, цундела цара лардо шайн ахча цига кхачах. Цундела шина махканна пачхьалкхан бюджетера ахча ларданний бен ца дуьсу.

Инвесторшна тоьлла хетачу мехкех бу Къилбаседа Кавказехь Ставропол-мохк. Цигахь хьал тоьлла дацахь а, шайн капиталашна сов кхераме дац аьлла хета совдегаршна.