ХIинжа-ГIалахь полицино йохийна Навальный къобалвеш хIоттийна пикет

Гайтаман сурт

ХIинжа-ГIалин центрехь, цхьацца стаг пикете а хIуттуш, оппозиционер Навальный Алексей лацарна а, политикан тутмакхаш набахтехь кхабарна а дуьхьалболчу наха, жигархо Исаев Къедар коьртехь а волуш гIаттийна акци йохийна полицино, хаам бо "Юг. МБХ медиа" ресурсо.

"Маршо Навальныйна/#маршо тутмакхашна" йоза тIехь долу плакат а карахь Исаев дIахьоьттина ткъеха минот яьлча еъначу полицино дIавигина иза.

Полицин декъехь хеттарш деш, кхерамаш туьйчуш кхаьбна политикан жигархо. Цо ша дуьйцу хилларг: "Веа стага левира со, хIора а гIертара Навальный мел кхераме, зуламе стаг ву суна хаийта. Хоьттура, хьал ло суна акцешка леларг ахча. Ас суо сайн лаамехь араваьлла бахар кхачаме дацара царна", — дийцина деа сахьтехь полицехь хан текхначу Исаевс.

  • Хьалхо хаам баьржира Краснодарехь лаххара а 4 цхьалха пикет хIоттийна Германера цIавеана, Шереметьево аэропортехь кеманара охьавоьссина оппозиционер Навальный Алексей лацар цатайначу наха, аьлла.
  • Коррупцица къийсам латторан Фондо кху муьрехь арахецна президентан Путин Владимиран "Геленджикерчу гIопах" лаьцна хIоттийна видеоматериал. Таллам баржийна Химки гIалахь Навальный Алексейна изоляторехь яккха 30 де хан кхайкхийначу шолгIачу дийнахь.