Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутата, Кадыров Рамзанан хьехамчо Делимханов Адама Iедалшна карагIо аьлла хабар тоьхна, оппозицин политикана Навальный Алексейна гIотор ечу акцехь Москварчу Пушкинан майданехь ОМОН-ан белхахойх леттачу Нохчийчуьрчу жимачу стаге. Цунах лаьцна Делимханов дIахьедина шен видеокхайкхамехь, яздо "Настоящее время" зорбан гIирсо.
Оцу инцидентах лаьцна видео дIаяьккхина карарчу хенахь YouTube-о.
Цуьнца цхьаьна, Навальный а, иза лацарна дуьхьал болу Оьрсийчоьнан махкахой а "шайтIанаш ду божарийн вовше маре эхарна гIортор еш долу" аьлла Пачхьалкхан Думан декъашхочо.
Baza телеграм-канало хаам барехь, жимачу стеган цIе ю Джумаев Сайд-Мохьмад. Зорбан гIирсо дийцарехь, оршотан дийнахь нохчийн полисхой бахна хилла Джумаевн гергарчу нахе. Гергарчара хаам бина, шайн кIант зIенехула шайга вистхилла хиларх лаьцна.
"Жимачу стага дийцарехь, гегарчара цо аьлларг дийцина полисхошка, цхьамма коьртах хIума тоьхна хилла цунна, ткъа метта веъча, дикка кхетамчу веана воцу иза лата волавелла омонхойх. Джумаевн гергарчара полицега кхин а хаам бина, иза цхьана а кепара оппозицино лелочуьнца воьзна а вац, митингашка лелаш а вац аьлла", - чIагIдеш ду хаамехь.
На Страстном бульваре в Москве происходит жесть:pic.twitter.com/w64VwDMACm
— Вестник стабильности (@Vestnik_Stab) January 23, 2021
Дечкен-беттан 23-хь Оьрсийчуьрчу иттаннаш гIаланашкахь акцеш хилира Навальныйна гIортор еш. Оьрсийчьурчу тайп-тайпанчу гIаланашкахь ницкъаллин структурйн белхахоша лецна цкъа а ца хиллачу кепара дукха нах: 3400 стаг ву лаьцна ерриг а пачхьалкхехь, 1300 – Москвахь, 500 гергга Петербургехь. Полисхоша чхьонкарш йиттина духьалонан акцехь дакъалаьцначарна, омонхочо гайтIа мийра тоьхна Санкт-Петербурегара цхьа зуда реанимаце кхачийна.
Какие же мрази, слов нет. Женщину — с размаха ногой в живот pic.twitter.com/XowM9Dau87
— Илья Яшин (@IlyaYashin) January 23, 2021
Талламан комитетан Москварчу урхалло бехктакхаман гIуллакх долийна Оьрсийчоьнан зуламан кодексан 318-чу артикалехула а, ("Iедалан векалшан ницкъ бар"), 213-чу артикалехула а ("Харцхьа лелар").
Урхалло дийцарехь, толлур долуш ду Сретенка бульварана гена доццуш Росгвардин белхахочунна йиттина болчу "оьгIазбаханчу махкахоша" а, дийцарехь, "низамаш лардон шина белхахочун" бIархиш оьхуйту газ хецначу наха а лелийнарг.