Нохчийчохь хатта тарло Джумаевн дов

Гайтаман сурт

Митингехь омонхойх леттачу 20 шо долчу Москварчу студентан Джумаев Сайд-Мухьаммадан гIуллакх Нохчийчохь талла схьадехна нохчийн талламчаша. Талламан комитетерчу Кавказ.Реалиин хьостано бина и хаам

"Оьрсийчуьра Талламан комитет реза хила тарло Нохчийчохь листа и гIуллакх дIадала. Низам дохийначу Джумаевн дов кхелехь хоттур ду, цунна арахь яккха хан тоха тарло", - аьлла къамел динчо. Цо бахарехь, Нохчийчуьрчу Iедалхоша Джумаевна гIо деш хиларх хаало, цуьнан гергарчу нахаца цхьанакхетарца а, Iедалхоша дечу дIахьедаршца а.

Хьалхо нохчийн парламентан спикеро Даудов Мохьмада дIахьедира, да цхьана а воцуш, кIант нанас ша кхиийна хиларе терра, яьлла ледарло ю иза аьлла.

Стундентехьа узуш йистхилла иштта Нохчийчуьрчу адамийн бакъонаш Iалашъечу кхеташонан декъашхо Саратова Хеда а. Цо дийцарехь, Джумаевна хууш ца хилла, ша низам дохош хиллийла, цо дехар дина массо а бакъоларъяхошка кIантана гIо дахьара аьлла.

Москвахь Навальный Алексейгахьа болчу наха хIоттийначу митингехь омонхошна дуьхьал тасавеллачу университетан дешархочо Джумаев Сайд-Мухьаммада дийцина, шен девне валарх.

"Сан кхетам бацара, иштта доьрзур ду аьлла. Цхьанна а чов ян Iалашо яцара сан. Нахаца харцо лелош гира суна, гулбеллачех дIа а кхетта, со мохь бетта вуьйлира, тIаккха царех тасавелира. Цхьанадекъан сайн бехк хиларна къера ву со, хIунда аьлча, хIетахь дерриг а цхьа кхечу тайпа гора суна", - аьлла, дийцина Джумаевс "Московский комсомолец" газетан корреспонденте.

Пресненскан кхело Зазадокху-беттан 23-чу кхаччалц лаьцна вуьтуш сацамбина Джумаев. Цунна бехкедиллина, Iедалан векална дуьхьал тасавалар, яздо "Новости" агенталло.

Кху беттан 23-чохь Москвахь Навальный дIахецар тIедожош хIоттийначу митингехь омонхошна дуьхьало ярх Джумаев Сайд-Мухьаммада. Видео интернетехула яьржинчул тIаьхьа полицино лехамашка веллера иза.

Еарин дийнахь лецира Джумаев Псковн кIоштахь. Оьрсийчоьнан дозанехула дехьа а ваьлла, Прибалтикехь къайлавала Iалашо хилла цуьнан. Джумаевс лелош хиллачу мобилан телефонца аьтто баьлла, иза волу меттиг билгалъяккха.

Социалан машанашкахь яржийначу видео тIехь гуш ду, куьйгашца а, когашца а жимачу стага шена тIе гIожамаш еттачу ОМОН-ан эскархошна дуьхьалоеш.

"Бакъволу къонах", "киборг бохуш, дуккха а комментареш йитира Сайд-Мухьаммадах баккхийбечу наха видеона бухахь.

Оьрсийн оппозиционере Навальный Алексейгахьа хIоттийначу акцехь омонхошна дуьхьал тийсавелла аьлла, лаьцна Джумаев Сайд-Мухьаммад дIахецар тIедожош Москвахь цхьааллин пикет хIоттийна Пхунтсок Дина дIалаьцнера полицино. Протокол а хIоттийна, кхин а дукха латта а ца еш, маьршаяьккхина хиллера иза Москварчу Тверскойн полицин декъо.

ПIераскан дийнахь пикете яьллачу жигархочун карахь плакат хиллера: "Маьршаваккха Джумаев!", "Политикан тутмакхашна маршо ло!", "Бехке мел воцург маьршаваккха!" аьлла, тIеяздина.

Джумаевн цIе тIехь хиларна лаьцнера шаьш аьлла хиллера полицино Пхунтсоке, вуьшта цхьааллин пикеташ йихкина яц Оьрсийчохь.