ГIезалойн юкъараллин центран лидеро мацалла лаьцна

ГIезалойн юкъараллин центран (ВТОЦ) лидеро Закиев Фарита, прокуратуро шен юкъаралла экстремизмаллехь бехкеярна дуьхьалоеш мацалла кхайкхийна, хаам баржийна Идель.Реалиино.

Прокуратурин претензи "цхьа а бух боцуш" лору Закиевс, лерина ву хIоьттина хьал пачхьалкхан а, дуьненан а юкъараллин тидаме дилла. Мацалла лидеро лаьцна Чиллан беттан 3-чохь, цуьнца цхьаьна оцу акцин декъабаха тарло ГIезалойн юкъараллин центран кхиболу декъашхой а.

" ГIезалойн юкъараллин центр экстремистийн могIара яккхар дерриг а гIезалойн къам экстермист ларар санна ду, ГIезалойн Республикера пачхьалкхалла а нисло тIаккха экстремизмна буха, экстремизм хуьлу, иштта мах хадош белахь, Оьрсийчоьнан Конституцера федерализм а",— боху 1989 шарахь кхоьллина йолчу цхьаьнакхетараллин дIахеьдарехь.

Прокуратуро бехк тIебаьхьина ГIезалойн юкъараллин центрна Дечкен-беттан 15-чу дийнахь. Цуьнан "болх низамца богIуш бац, экстремизм ю цунна бухахь", аьлла бу прокурораша бина къастам.

Прокуратурин дIахьедар луьстур ду ГIезалойчоьнан Лакахарчу кхело Чиллан-беттан 24-чохь.