"Персивирэнс" Марс тIе охьахууш яьккхина видео гайтина NASA агенталло

"Персивирэнс" ровеh Марс тIе хаале масех секуyда хьалха

Американ NASA космосан агентталло шен сайта тIехь дIахIоттийна Чиллан-беттан 18-хь Perseverance олу ровер Марс тIе охьахууш яьккхина видео,хаам бо Свобода Радионо портало.

Видео дIаязъина аппаратан тайп-тайпана меттигашкахь дIахIоттийна хиллачу масех камеро. Видео яккха йолийна Марсна тIекхача 11 килиметр йиссинчхенахь. Гуш ду кхечу планети тIе цкъа а кхаьчна йоцу уггар йоккха парашют дIасаеллалуш.

"Персивирэнс" ровер охьахиъна диаметрехь 49 километр йолчу Езеро кратерехь. Iилманчашна хетарехь, иза цхьана хенахь юьзна хилла хих.