"Новая газето" доьху Iедале шен редакци чохь химин коьчал яржор таллар

Москварчу Iедале шен редакцин хIусамехь яьржина химин коьчал таллар дехна "Новая газето".

300 эзар хьажархо волчу "Новости Москвы" телеграм-канало оршотан сарахь, видеотергам бечу Потаповски урамерчу "Новая газетин" цIенна уллерчу камера чуьра ю аьлла, видео яржийна. Юург дIасакхачош воолчу "Яндексан" курьеран духарахь стаг ву цу чохь вилспетца, ткъа вилспетан тIехьарчу чкъурга чуьра яьржаш го газ.

"Ховсалаш, терроран тохар ден машен ю шуна хIара: курьер ву аьлла араваьлларг газ яржош ву, цIенна чуволлучохь, контейнер ю чкъурга чохь. Леринарг кхеташ ду: мачашца редакцин белхахоша дIасакхоьхьур ду дIовш массо а гIатташка", — боху шайн дIахьедарехь "Новая газетин" журналисташа.

"Яндекс.Еда" ("Яндекс.Кхача") фирмин векала Новикова Еленас аьлла "Медиазона" портале, шаьш хьийсийна бац оцу адресца курьераш.

Зазадоккху-беттан 15-чу дийнахь журналисташа латкъам бина шайн Потаповски урамерчу белхан меттехь газан хьожа ю, дIасаяьржина, дIайолуш а йоцуш, аьлла. Баьхкинчу химин эксперташна ца карийна зуламе хIума хIаваэхь.

Газетин редакцехь дийцина, яьржина хьожа тера яра 2017-чу шарахь "Новая газетан" журналистан Латынина Юлиян машенна а, хIусамна а тIелеттачу наха яржийна хиллачу газан хьожанах, аьлла. Йозуш йоцчу экспертизано къастийра хIетахь, Латынина духьал цуьнан цIахь а, машена чохь а яржийнарг адамна лаккхара кхераме йолу газ хилар.

"Новая газето" оршотан дийнахь арахецна Нохчийчохь, йина кхел а йоцуш, алссам нах байъарх лаьцна ша бечу талламан рогIера материал – полицин белхахо лаьттинчо Iорадоху махкахь Iедалхоша дина зуламаш.