Мурманскан кIоштахь летта Къилбаседа Кавказера бахархой

Мурманскан кIошт

Къилбаседа Кавказера бахархой летта яхначу шинарин суьйранна Мурманскан кIоштарчу Белокаменкехь "НОВАТЭК" олучу гIишлошъяран Центрехь. Болчу хаамашца, оцу конфликтехь дакъалаьцна Къилбаседа Кавказан регионашкарчу а, Казахстанера а бахархоша. Верриг а, официалан зерашца, лазийна ялх стаг. Хедийна а, кегйина а меженаш ю церан.

"Царна массарна а лоьрийн гIо кхачийна, дIахьош талламаш бу, жамIаш зийначул тIаьхьа процессуалан сацам бовзуьйтур бу", - аьлла, хааме даьккхина Мурманскан кIоштарчу чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллан пресс-гIуллакхойн куьйгалхочун гIовса Фиилиппова Валерияс.

Билгалдаккхарехь, пайдабоццу хIумана тIехула доладелла ду дов. Цхьахйолчу версица, хIума кхалла чубахча шен боцу меттиг дIалаьцна хилла белхалочо, оцу тIехула доладелла дов гена даьлла церан.

Белокаменкера гIишлошъяр кеп-кепарчу тIелацархоша йолийна вахташкахь болх бен меттиг бу. Хьалххе дийца даккхарехь, конфликт иккхина "Велесстрой" компанин белхалошна юкъахь.

Оьрсийчуьра белхалой боцурш а, цигахь къахьоьгуш бу Туркойчуьра а Китайра а, СНГ-н мехкашкара а белхалой.