Францехь бIеннаш нохчий гуламе бевлира шайн диаспорера стаг верца доьзна

Нохчийн диаспорина тIе куьйгаш кхехьар шаьш ловр дац, бохура Францехь протестан гуламашка бевллачу нохчаша. Цуьнан бахьана дара Бретень регионан Ренн шахьарахь Зазадоккху-беттан 17-чохь 23 шо долу Лабазанов Хьамзат вер.

Реннехь протетан гуламе араваьлларг вара 400 гергга стаг, Страсбургехь – 150 гергга, боху Францерчу хаамийн гIирсаша. Протестан коьрта бахьана дара, Лабазанов вер хьахош, полицино и зулам "наркотикаш юхкучийн" къийсамашца доьзна ду алар.

"Тхуна шозза тухуш ю: цкъа – стаг вуьйш, юха – тхуна тIе ирча цIе хьарчош. Нохчех болучаьрца и тайпа бохам хилча, царна цIе кхуллу. Нохчийн диаспорех нах бойъу, уьш бехке а бо" – элира 30 шо долчу Мохьмад цIе йолчу Лабазановн лулахочо журналисташка.

Бохам нисбелла дийнахь 2 сахьт долуш Клене (Cleunay) куьпарчу туьканна гергахь. Реннан прокурора Астрюк Филиппа дийцарехь, ши африкахо тIевахана пхеа жимчу стаганна. Дар-дацар иккхина царна юкъахь, шиннах цхьамма, 21 шо долчо, хьала а яьккхина, тапча йиттина, иза лаьцна, ткъа ведда хилла цуьнца верг лаьцна тIаьхьо.

Коьртах тапча кхетта Лабазанов Хьамзат велла. Цуьнан 25 шо долчу вешина Сулиманна когах тоьхна герз – иза дарбан цIийне виллина.

Зазадоккху-беттан 27-чохь хиллачу протестан акцехь ЛабазановгIеран дас нохчийн кегийрхошка дехна наркотикаш юхкучу нахана юьстах Iар.

Вийначун гергарчара дечу тоьшаллица, иза наркотикаш юхкучарна новкъарло ян гIоьртина, ша вехачу цIа чохь и зулам цалелор царна тIе а дожош.

Гуламхоша йовзийтина шайн протестан резолюци: "харц информаци цаяржор", "боцу бехк нохчийн мухIажарашна тIе цахьерчор" доьху Iедале гуламхоша.

"Зулам хуьллушехь, иза нохчашна тIе цахьарчор доьху оха. Хаамийн гIирсашкахь "нохчо" дош шашаха дузу криминалца, гIелоярца", - бохура журналисташка юриста Шавхалов Зеламхас.

"Тхан цхьа бехк бу – тхо ийза ца ло наркотикаш лелочарна хьалха", - билгалдаьккхира "Даймохк" юкъараллин векала Артчаков Iусмана.

Гуламашка бевллачара диллина кехат хьажийна Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министре Дарманен Жеральде.

2020-чу шеран аьхка Францерчу Дижон гIалахь наркотикаш юхкурш тIелетира 16 шо долчу нохчочунна. Цул тIаьхьа оцу кIантехьа гIодаккха Францин цхьацца меттигашкара баьхкинчу нохчашнийн, наркотикаш яржочу наханий юкъахь иккхира дов.

Цхьаццаболчу хаамийн гIирсаша хилларг тидира "наркобизнес къуьйсучийн" дов аьлла – иза эладита ду протестан аьрзнаш даржийначу нохчаша бахарехь.