Алтайхь полисхочо герз диттина говрашна. 9 йийна

Алтай Республикехь бехктакхаме озийна говрийн ремина тIелетта полисхо. Талламан версица, Усть-Кокса юьртана уллехь цо йийна 9 говр. Информаци тIечIагIйина чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин регионан урхалло а, прокуратуро а.

Оцу хьостанаша дийцарехь, полисхочо шен долара таллархочун топ йиттина говрашна. Хилла иза Зазадоккху-беттан 29-чу буса Власьево а, Тюгурюк а ярташна юккъехь. Ежаш лелачу говрашна тIелеттачо меттигерчу бахархойн 8 кхел а, цхьа бекъа а йийна, шина говранна чевнаш йина. Долахоша шайн хилла зен ду боху 1,3 миллион соьмана. Бехктакхаме озийна полисхо нехан бахам хьаллакбарца доьзна.

КХИН А ХЬАЖА: Лоьман кIорни гIелонехь кхабарна дов айдина Дагестанехь

Зулам хIун бахьаница дина хууш дац. Меттигерчу полицин тобан куьйгалхо хилла иза. Ткъа тIекхача аьтто болчу хьостанаша 2019-чу шо доьрзуш оцу даржехь хилла аьлла вовзуьйтург ву майор Алашев Сидур. Регионерчу полицин буьйранчина бехкбиллина прокуратуро, белхахой кхетош-кхиор, церан профессионализм лакхаяккхар кхачаме дац аьлла.