Санкт-Петербургехь леттачарлахь нохчий а бу

Гайтаман сурт

Санкт-Петербургерчу йохка-эцаран "Пик" центрна хьалха герзаш кхийсинчарна эххар а тIекхиъна полици, хаам бо "Комсомольская правда" газето. Де хьалха оцу меттигехь вовшахлетарх хаам бинера меттигерчу бахархоша, амма полисхой тIекхачале бовда аьтто баьллера.

КХИН А ХЬАЖА: Ялтехь летта нохчий таIзарх бевлла

"ТIаьхьо полицига кхин а цхьа хаам кхечира, оццу меттигехь юха а герзаш детта аьлла. Дийцинчу адресца бахначу ницкъахошна карийнера резинан хIоьънаш а, патармийн чкъоьргаш а", - хаам бина Санкт-Петербургерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло.

Оцу гIуллакхна тIехула полисхоша лаьцна итт стаг. Бу царлахь Таджикистанера а, Нохчийчуьра а бахархой. Чевнашца волу царех цхьаъ дарбан хIусаме охьавиллина.

Хулиганалла лелийна аьлла, бехктакхаман гIуллакхаш диллина оцу инцидентна тIехула. Лецначарех виъ кхеле вуьгуш ву, бисинарш ницкъахоша маьрша битина.