Полисхойх летта Джумаев Сайд-Мохьмад лаьцна латтор дIадахдина

Оппозиционере Навальныйгахьа Дечкен-беттан 23-чохь Москвахь хIоьттина хиллачу гуламехь полисхойх латарна лаьцначу Джумаев Сайд-Мохьмадан лаьцна латтор дIадахдина.

"Шина кIиранна гергга хан тIетоьхна. Охан-бутт боьрзуш цхьалхадала тарло гIуллакх аьлла хета тхуна", - довзийтина Джумаевгара хьал "Кавказский узелна" цуьнан ненайишас.

Талламчаша тIебаьхьинчу бехктакхамо бахарехь, Джумаевс Навальныйгахьа хIоьттинчу гуламехь шина ОМОН-хочунна а, цхьана полисхочунна а дуккхаза а тоьхна.

Your browser doesn’t support HTML5

ХIун таIзар дан тарло Джумаевна?

Хьалхо хаам баьржира, Дечкен-беттан 23-чохь Москварчу гуламехь латарна лаьцна волу Джумаев Сайд-Мохьмад коронавирус кхетарх йолчу шеконца дарбан хIусаме виллина, аьлла.

  • Москварчу пачхьалкхан университетан студент ницкъхойх леташ яьккхина видео шуьйрра яьржира интернетехь. Жима стаг лехаме велира, лецира Псковна гергахь Дечкен-беттан 28-чохь.