"Тхуна ца лаьара кхузахь зулам динарш оьрсийн агенташ хуьлийла" – Врбетицерчу бахархоша 2014 шарахь динчу лелхийтарех

Your browser doesn’t support HTML5

Чехино Врбетице юьртарчу герзаш латточу гIишлошкахь лелхийтарш дарна бехкебина Оьрсийчоьнан ГРУ-н белхахой Мишкин Александр а, Чепига Анатолий а. Уьш Чехе баьхкина Боширов Русланан а, Петров Александран а цIерш тIехь йолчу паспорташца, оццу агенташа и паспорташ лелийна СкрипальгIарна дIовш дала Британе боьлхуш а.