Шен неIарш юха а схьайиллина Заркъерчу нохчийн ширачу маьждиго

Your browser doesn’t support HTML5

БIе шо сов хьалха Нохчийчуьрчу мухIажарша дина Урдунерчу Заркъера маьждиг юха а схьаделла бакъо елла Iедалша. Коронавирус бахьана долуш дехха чIаьгIна лаьттина иза ламазанна схьадиллира стохка Мангал-баттахь. Амма дукха хан ялале юха а дIачIагIа дийзира иза, ун даржар алсамдаьлча. Тахана шайн дайша динчу Делан цIийнан неIарш юха а схьаелларна баккхийбеш бу Заркъера а, гонахарчу ярташкара а нохчий.