Исламан "Умма" зорбан цIийнан директор лаьцна терроризманна ахча латторах йолчу шеконца

Бусалба литература арахоьцучу "Умма" зорбан цIийнан директор Эжаев Асламбек лаьцна шина баттанна Москвахь. Шеко ю талламчийн цо терроризманна ахча латтийна хиларх.

"Цо бевзаш боцчу нахе дIалуш хиллачу цуьнан банкан карти тIе ахчанаш дохуш хилла, аьлла хета талламна. Ткъа и ахча цо арахецна книгаш дIаюхкучара кхехьийтина цуьнга", – хаам бина "Кавказский узел" газето, Эжаевн адвокатан къамелна тIе а тевжаш.

Охан-беттан 30-чохь Москварчу №7 изоляторе хьажош волу Эжаев лацарна дуьхьал арз кечдеш ву адвокат.

Ницкъхошца зIенехь долчу телеграм-каналийн информацица, 58 шо долчу Эжаевс 34 миллион сом сов ахча хьажийна "2012-чу шарахь дуьйна схьа террористашна, терроризманна гIодеш".

  • 1963-чу шарахь Нохчийчуьрчу Шуьйтахь вина Эжаев Асламбек. 1985-чу шарахь чекхъяьккхина Мехкдаьттан институтан гIишлошъяран факультет. Кавказ.Реалиина интервью луш цо дийцира, шена исламан литература арахецарца доцуш, кхечу тематикан книгаш зорбане яхарца а новкъарлонаш йо, аьлла.