ГIалгIайн тайпанийн кхеташоно Шойгуга доьху махкахь полигон цайиллар

ГIалгIайн тайпанийн кхеташоно дехар хьажийна Оьрсийчоьнан тIеман министре Шойгу Сергейга шайн махкахь "Нестеровский" полигон йилла бина сацам юхабаккхар.

"Цхьаъ делахь, иза коьртаниг а ду – ГIалгIайчоь латта якъо массанхьачул лакхара йолу мохк бу, адамна кхочу лаьттан дакъа вуно кIезиг а долуш. ШолгIа делахь, полигон йилла билгалъяьккхина меттиг ког баькх-баьккхинчохь архитектуран, археологин мехаллаш йолу латта ду. КхозлагIа делахь, лаьттан якъонехь ехачу ГIалгIайчохь полигонна хьажош ду бажа бажош а, дуьйш лелош а долу латта… - оцо боккха эшам бийр бу экономиканна", – аьлла ду "Фортанго" довзуьйту Тайпанийн кхеташонан дIахьедар.

Тайпанийн кхеташоно ша Шойгуга дехар дар дозу боху, иза дика адам хиларал совнах, "халкъанна декхаре хиларца" а. Хьехориг ду Шойгу хIирийн-гIалгIайн 1992-чу шарахь Пригородан кIоштахь хиллачу конфликтан декъахь лелла хилар.

"Оцу хенара схьа ткъе итт шо гергга зама яьлла, и хан тоьуш ю стаганна лелларг коьрта чохь листа а, шен карьера йолош ша даьхна гIалаташ кхето а", - билгалдаьккхина тайпанийн кхеташоно ша министре хьажийначу кехат тIехь.

  • ГIалгIайчохь тIеман полигон йилла сацам бира 2018-чу шарахь, мехкан коьртехь Евкуров Юнус-Бек волчу хенахь. 6300 гектар дIалоцур ю цо. Къастийначу лаьттанаш тIехь ду шира Берд-Юртан баьрзнаш, Берешки меттигера маьлхан кешнаш, цигахь нах баьхна херцарш. Карийна кешнаш ду 10-14-чу бIешерашкара, Кавказан когашкахь хьалха хааелла а яц и тайпа мехаллаш.