Зулам дарна шеко йолуш Нижневартовскехь лаьцна Кадыровн векалан гIоьнча

Гайтаман сурт

Ханты-Мансийскан автономин гонехь Нохчийчоьнан куьйгалхочун векалан гIоьнчо Сайдаев Iелас а, цуьнан накъосто-полисхо а т1елатар дина Азербайджанера схьаваьллачу стагана, цуьнан машен а ядош. Цунах лаьцна хаам бина низамаш лардон органашкарчу хьастано URA.RU агенталле, яздо Кавказ.Реалиино.

"Сайдаев полисхочуьнца цхьаьна садоIуш хилла "Твоя Чайхона" кафехь. Дов даьлла. И шиъ гIоьртина стагера миллион сом а, Lexus машен а яккха. Къастораш латаре дирзина, эшам хиллачу стеган мочхал кагдина. Зулам дарна шеко йолу и шиъ цуьнан машенахь къайлаваьлла", - даладо шен хьастано дийцинарг URA.RU агенталло.

Инцидент хиллачул тIаьхьа полисхо ханна балхара дIаваьккхина хилар тIечIагIдина Ханты-Мансийскан автономин гонан МВД-н урхалло. Болчу хаамца, эшам хилларг ву Нижневартовскан вахархо, ткъа Сайдаевгахь хилла Нохчийчоьнан куьйгалхочун векалан Орзалиев Iадланан гIоьнчан кехат. Орзалиевс хилларг бакъдо.

Нагахь Сайдаев а, цуьнца хилла полисхо а бехке ларахь цаьршинна хIоранна 15 шо хан тоха мегаш ю зулам дарна.

  • 2020-чу шарахь Товбеца-баттахь Оьрсийчоьно аннекси йинчу ГIирмехь лаьцнера Нохчийчоьнан куьйгалхочун Ивановн кIоштахь волу векал Эдильсултанов Iийса. Бинчу хаамца, иза бехке веш вара хьарамлонца ахча даккхарна а, харц тоьшаллаш дарна а.
  • 2017-чу шарахь Украинехь лецира Нохчийчоьнан куьйгалхочун дуьненаюкъарчу уьйрашкахула волчу гIоьнча Цицулаев Рамзан. Цунна экстрадици йира Оьрсийчу. Иза бехке веш ву адам лачкъорна а, ахча даккха гIортарна а. Цуьнан гIуллакх дIакхачийна суьде.