Ца оьшучу вовшахтохараллашна гIо динарг колоне хаьжо мегаш ву 5-ъа шаранна

Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан кхеташо

Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан думе хьажийна "ца оьшуш лаьррачу вовшахтохараллех" лаьцначу криминалан кодексан артиклана тIехь хийцамаш барх лаьцна проект, хаам бо Свобода Радионо. Оцу документца а догIуш, цу тайпачу юкъараллашна ахчанца гIо динчу нахана колонехь яккха хан тоха мега 5 шаре кхаччалц. Дийцарехь, цу тайпа хийцамаш бар къобалдина парламентан профилан комитето.

Хьалхо Пачхьалкхан Думо шолгIачу ешарехь тIеийцира Росфинмониторинг урхаллина махкал арахьара бахархошна а, компанешна а доуьйту ахча тергонехь латто бакъо луш йолу а, ткъа иштта Оьрсийчуьрчу физически а, юридически а статус йолчу нахана ца оьшуш лаьррачу вовшахтохараллашкахь Оьрсийчохь а, арахьа а болх бан бакъо йоьхккуш а йолу низаман проект.

  • Оьшуш йоцуш лаьррачу вовшахтохараллех лаьцначу низамана тIе куьг таIийра президента Путин Владимира 2015-чу шарахь Стигалкъекъа-баттахь, цул тIаьхьа и низам масийттаза кIоршаме чIагIдира.
  • Махкахь хила оьшуш йоцуш лара мега муьлхха а Iедалшца йоьзна йоцу вовшатохаралла, инарлин прокурорна а, цуьнан когаметтана а хетарехь, "кхераме ялахь пачхьалкхана а, цуьнан конституцин кепана а".
  • Оьшуш йоцучу вовшахтохараллин тептарна юкъатоьхча цунна доьхкуш ду Оьрсийчоьнан территори тIехь болх бан, банкера чоьташ дIакъовлуш ю, цуьнан дерриг а дакъош дIакъовлуш ду. Оцу кепарчу вовшахтохараллашца юкъаметтиаг лело мегаш дац. Низам дохийначунна тIаздар до гIуда тохарца а, 8 шаре кхаччалц хан тохарца а.