Минанийн картина дуьхьал Азербайджано 15 йийсархо дIавелла Эрмалойчоьне

Ша Эрмалойчоьне 15 йийсархо дIавелла цо шега къовсамехь йолчу Ломан Карабахехь минанаш йоьхкинчу меттигийн карта дIакхачорна, боху Азербайджано.

Шоьтан дийнахь, Мангал-беттан 12-чохь, и информаци бакъйина Эрмалойчоьнан премьер-министран декхарш кхочушдечу Пашинян Николас. Цо бахарехь, барт кхочушбина.

Ломан Карабахерчу Агдаман кIоштахь минаш йоьхкина 100 эзар меттиг гойту картано, хаам бина Азербайджанан арахьарчу гIуллакхийн министралло.

Гуржийн Iедалхой тоьшаллехь а болуш, Азербайджанан-Гуьржийнчоьнан дозанехь дIабелла Эрмалойчоьне йийсархой.

Маса эрмалойн эскархой, бахархой бу Азербайджанан карахь стохка тIемаш лаьттачу муьрехь лецна, хууш дац.

Зазадоккху-баттахь йийсархойн гергарчара дина аьрзнаш луьстуш, Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело довзйитира шегахь долу терахьаш – 249 Эрмалойчоьнан вахархо висина хIинца а Азербайджанехь йийсарехь, бохура Страсбурго.

Хьалхо Эрмалойчоьнан Iедало хаийтира ялх кIиранах лаьттинчу тIеман (Гезгмашин-бутт – Лахьан-бутт, 2020) хьелашкахь лецначу нахах Азербайджано 69 стаг дIахецна хилар.