Женевехь кхаарин сарахь цхьанакхетта Американ президент Джо Байден а, Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а. Шина пачхьалкхан куьйгалхочо вовшашца дуьххьарлера дагадовларш д1адаьхьна оцу статусехь. И мероприяти хилира Шолг1а дуьненан т1ом д1абирзинчул т1ахьа дуьйна уггар уггар вон юкъаметтигаш а йолуш Москвана а, Вашингтонна а юкъахь, яздо Свобода Радионо.
VIDEO: U.S. President Biden and Russian President Putin shook hands at the opening of their daylong summit in Geneva, amid spiraling tensions and low expectations. Follow @AP for full coverage: https://t.co/q5dC9LtLIH pic.twitter.com/d6HNyfQGXh
— The Associated Press (@AP) June 16, 2021
Цхьаьнакхетар хилира Женева гIалин долахь йолчу историн Ла Гранж виллехь. Дагадовларш дуьйладелира Москвара хенаца 14 сахьт 25 минот яьлча, ткъа дIадирзира 18 сахьт даьлча, вуьшта аьлча дахделира 4 сахьтехь гергга, хила мега аьллачул а дукха хенахь.
Цхьанакхетаран жамI санна Американ а, Оьрсийчоьнан а президентийн ц1арах зорбане даьккхина стратегин стабилизаци хиларх лаьцна д1ахьедар. "Оха тIечIагIдо тхо зарратан герз лелочу тIамехь толамхо хуьлийла даац, иза цкъа а болабойла дац боху принцип ларъян лаам болуш хилар. Оцу Iалашонашка кхача Оьрсийчоьно а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а диалог йолр ю стратегин стабилацехула", - аьлла ду оцу документехь.
Дагадовларш дIадирзинчул тIаьхьа, хьалха дийцина ма хиллара, ца хилира шина президентан цхьаьна пресс-конференци.
Дуьххьара пресс-конференции дIаяьхьира Оьрсийчоьнан президента. Цо элира цхьанакхетар пайде дара, иза мостагIаллин доцуш дIадахара аьлла.
Байден и Путин: о чем говорили президенты в Женеве | ВЕЧЕР | 16.06.21 https://t.co/fAHhv9Qd8D via @YouTube
— Radio Marsho (@radiomarsho) June 17, 2021
Цул тIаьхьа пресс-конференци елира Американ Цхьаьнатоьхначу Штатаийн президента Джо Байдена. Цо дийцарехь, цуьнна оьшуш дара Путин Владимире шега дийца Америко стенна йохуш ю шцхьацца гIулчаш. Байдена бахарехь, Путине дIахьедира цо амеркахойн политика Оьрсийчоьнна дуьхьал хьажийна цахилар, амма Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент ша хиларна шега диталуш ца хилар адамийн бакъонаш йохорах лаьцна долу хаттарш.
Женевера дагадовларш вовшахтоьнера Байденан лаамца, аьмма Оьрсийчоьнан агIоно вуно боккха чулацам болуш ларара иза, билгалдоккху Настоящее Время телеканало. Байден цхьаьнакхийтира Путинца, Европера турне дIахьуш а волуш, НАТО-на юкъахь йолчу пачхьалкхийн саммит а, G7 куьйгалхойн цхьаьанакхетар а дIа ма йирззина. G7 цхьаьнакхетаре Оьрсийчоь кхойкхуш яц 2014-чу шарахь дуьйна.