ГIалгIайчуьра митинг йохош гIара-серло оьккхуьйту гранаташ лелийна хилар билгалдаьлла
ГIалгIайн жигархойн дов хоттучу Ессентукерчу кхело теллина 2019-чу шарахь Магасера протестан гулам бохош Росгвардин дакъоша гIара-серло йоккху гранаташ кхуьйсуш гойту видеоматериалаш.
Адвоката Куриев Мохьмада дийцарехь, къайлабаьхьна болчу Росгвардерчу тешаша бакъдина доцург ду хIинца Iорадаьлларг – шаьш ца кхийсира гулам бохош гIара-тата доккху гранаташ аьлла дара церан дареш.
"Оха тахана теллира талламо кхеле балийнарш Iорабаха чуделла видеотоьшаллаш, цаьрга хьаьжча, гуш ду ницкъхоша и гIирс лелийна хилар. Нах ламазна гIовттучу хенахь, Iуьйрана 5 сахьт даьлча, хилла иза", – дуьйцу адвоката.
Цо бахарехь, кхело левина бехк тIебаьхначу агIоно шоьшаллина кхайкхина цхьа къано, Тайпанийн Кхеташонан декъашхо. Цуьнан къамел пайде хилла лецначийн агIонна.
КХИН А ХЬАЖА: "ГIалгIайн гIуллакхехула" эшам хиллачара тоьшаллаш до бехкебечаьргахьа"Цо тоьшалла дира, кхеле ийзийначу наха гуламхошка къепедацарш ма нисдалийта, бохуш, кхайкхамаш беш, аьлла. Шена дерриг а гина, жопалле ийзочу гуламан хьалханчаша ца кхойкхура нах низам дохоре, шена ца хааделла цара экстремистийн го кхуллуш, элира кхелехь къаночо", – билгалдаьккхира Куриевс.
- Магасехь 2019-чу шеран Зазадоккху-баттахь лаьттинчу протестан митинган хьалханчаш хиларна кхеле балийна гIалгIайн жигархой. Митинг йохийра ницкъхоша оцу беттан 27-чохь. Нохчийчоьнца ГIалгIайчоьно къастийначу дозанна резабоцуш гулбеллера хIетахь протестхой.
- Протестан лидерш политикан тутмакхаш лору бакъоларъяран "Мемориал" центро (Оьрсийчуьрчу Iедало арахьарчу агентийн статусе язйина "Мемориал", амма цо тIе ца эцна иза шена – ред).