ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ГIалгIайн гIуллакхехула" эшам хиллачара тоьшаллаш до бехкебечаьргахьа


Магасера митинг, Зазадоккху-бутт, 26, 2019 шо
Магасера митинг, Зазадоккху-бутт, 26, 2019 шо

ГIалгIайн жигархойн гIуллакхехула эшам хилларг санна левинчу Росгвардин веъа белхахочо дIахьедар дина, шайн цхьа а реза цахилар дац кхеле озийначарна, 2019-чу шарахь хиллачу митингехь и нах гина а бац шайна аьлла. Цунах лаьцна цара дIахьедина Стигалкъекъа-беттан 18-хь Ессентукин гIаларчу кхелан кхеташонехь.

"Царах цхьанна а цхьа а хIума ца хаьа ГIалгIайчохь [кхеле озийначара] кхоьллинчу экстремизман юкъараллах лаьцна. Гарехь, царна кхел йоьдуш хиънера шаьш эшам хилларш дуй. Царна шаьш ишттаниш хилар ца хета", - аьлла адвоката Куриев Джабраила "Кавказский узел" корреспонденте.

Росгвардин белхахоша дийцарехь, цара цхьана а кепара латкъам беш документаш ца яздина, уьш ца хилла лецна латточу наха низамаш дохош цхьаъ даран тешаш. Верриг а кхелехь 67 тешах левина 39. Цара массара а изза ала мегар долуш дийцина, адвокатийн аьтто беш, жигархоша цхьанна а ницкъ ца бира бохуш.

Берриг а тешаш лебинчул тIаьхьа кхело тIекхойкхур бу кхеле озийначеран суьдехь гӀо лоцу тешаш. Адвокато Куриевс дийцарехь, царна юкъахь бу Iедалхой а, ницкъаллин структурийн белхахой а.

  • 2019-чу шеран бIаьста гIалгIайн жигархоша гулам хIоттийра шина республикан куьгалхоша Нохчийчоьнанний, ГIалгIайчоьнний дозанаш къастош хIоттийна бертан документ шайна цатайна хиларна. Масех де даьлча гулам ницкъаша бохийра Iедало. 2020 шо доьрзуш Ставропол-махкарчу Ессентуки гIалахь дуьйладелира гIалгIайн протестан лидерийн кхелан ладегIарш. Экстремизм а, полицина дуьхьалояр а ду царна бехкедиллинарг.
  • ВорхI стаг ву кхеле озийна: Барахоев Ахьмад а, Мальсагов Муса а, Хаутиев Багаудин а, Чемурзиев Барах а, Ужахов Малсаг а, Нальгиев Ахьмад а, Саутиева Зарифа а. Цара массара а бехкаш тIе ца дуьту.
  • Адамийн бакъонаш ларъечу "Мемориал" центро политикан тутмакхаийн могIара язбина лецнарш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG