Кадыров Ахьмадан цIе тиллина нохчийн пачхьалкхан университетана

Ахмат Кадыров

Нохчий пачхьалкхан университетна Кадыров Ахьмадан, мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан веллачу ден, цIе тиллина. Доьшийлан векалша бахарехь, студентийн а, хьехархойн а лаам хилла ишта.

"Боккха болх дIабаьхьира, цул тIаьхьа массара а къобалйира инициатива. Стигалкъекъа-беттан 31-чохь Iилманчийн кхеташонехь дийцаре дира университетан цIе хийцарх", - хаам бина "Чечня Сегодня" агенталло, доьшийлан пресс-гIуллакххошна тIетевжина.

Дийцарехь, кхеташонан декъашхоша цхьабоса сацам а бина, Оьрсийчоьнан дешаран министралле дехар динера, ткъа уьш карарчу беттан 23-чохь тIетатйна университетан цIе хуьйцучу сацамна.

Дагестанерчу Новолакскан кIоштарчу Бонай-юртахь юккъерчу маьждигна Нохчийчоьнан хиллачу президентан Кадыров Ахьмадан цIе тиллина аьлла, "Грозный-информ" агенталло бира хаам. Агенталло чIагIдарехь, маьждигна Кадыров Ахьмадан цIе тиллар - меттигерчу бахархоша шаьш тIеэцна сацам бара. 1 400 гергга стаг ву оцу эвлахь вехаш, дукхахберш нохчий а болуш.

Йозуш йоцу Нохчийчоь йолуш Шайхан Мансуран цIарах, ткъа карарчу хенахь "Северный" олучу Соьлж-ГIаларчу аэропортана цIе туьллур ю Нохчийчоьнан куьйгалхочуьн ден Кадыров Ахьмадан аьллла, хааме даьккхира Стигалкъекъа-баттахь. Цу кепара кхаж тесна 89,6% республикан бахархоша, хаам бора Кавказ.Реалиино, республикерчу Юкъараллин палато чIагIдечунна тIе а тевжаш.

Би-би-си-н Оьрсийн сервисо бинчу хаамца, карарчу хенахь Нохчийчоьнна коьрте хIоттийна волчу Кадыров Рамзанан а, цуьнан гергарчеран а цIе тиллина бу республикехь 346 боккха а, жима а урам.