Джумаевн гIуллакх листар кхиндIа хьура ду кхелехь кху беттан 18-хь

Джумаев Сайд-Мухьаммад кхелехь

Москван Тверан кIоштан кхелехь кхубеттан 18-хь юха а дийцаре дан долор ду, Москвахь митингехь ОМОН-ах тийсавеллачу нохчачуьнан Джумаев Сайд-Мухьаммадан бехктакхаман гIуллакх. Цунах лаьцна яздо бо Кавказ.Реалиино, РАПСИ агенталлана тIе а тевжаш.

"Кхеташо дIатеттина 2021-чу шеран Товбеца-беттан 18-чу дийне, агIонийн аьтто хилийта дийцарш дIадахьа кечбала", - хаам бина агенталле суьдан зорбан сервисан векало.

Your browser doesn’t support HTML5

Нохчо ОМОН-ах латаран гIуллакх

ТIаьххьарчу кхеташонехь, кхело юхадIаболийра суьдан таллам, хилларг мелла а шуьйра къастор Iалашонца.

Джумаевга бехк кховдийна Iедалан векална ницкъбар артиклехула кхо зулам дар. Iедалан цIарах бехкбиллархочо дехар дина кхеле, Джумаевна колонехь яккхийта 5 шо хан тохахьара аьлла.