Герз тоьхна ялх чов ярна 40 эзар евро

Your browser doesn’t support HTML5

Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело 40 зар евро дала декхарийлахь йина Оьрсийчоь Соьлжа-ГIаларчу вахархочунна Абдулханов Ризванна. 2006-чу шарахь ялх чов йинера цунна, леррина операци дIахьуш герз тоьхна, ткъа цул тIаьхьа чувоьллира иза. Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело сацам бина: Оьрсийчоьно йохийна Абдулхановн ваха йолу бакъо а, адаманна ницкъ бан магош доцу низам а