Дагестан а, Нохчийчоь а хьалха ю Орсийчохь террорца доьзна зуламаш дарехула

Your browser doesn’t support HTML5

Ерриг а Оьрсийчоь схьаэцча, кхушара террорца доьзна зуламаш дарехула хьалхарчу меттехь ю Дагестан. Цунах лаьцна статистика Iораяьккхина Оьрсийчоьнан Инарлин прокуратуро. Террорца доьзна зуламаш дарехула йолу хьалхарчу 10 лидерна юкъаяхна иштта ГIалгIайнчоь а, ГIебартойн-Балкхаройчоь а, Ставрополан мохк а