Кадыровхоша нохчийн бакъонашларъярхочун нана дIалаьцна

Your browser doesn’t support HTML5

Нохчийчуьрчу МВД-н белхахой ду шаьш аьлла, герзашца болчу наха бакъонашларъярхочун Янгулбаев Абубакаран нана лаьцна дIайигна Лахарчу Новгородера. Дечкен-беттан 20-чу сарахь хилира иза, федералан суьдхо хилла Янгулбаев Сайди вехачу петарна чуиккхинера туьтмIаьжгаш йоьхна масийтта полисхо. Лаьцначу Мусаева Заремин диабет цамгар ю. Гергарчара а, бакъонашларъярхоша а сагатдо Мусаева Заремин дахарна