Ростов-на-Дону гIалахь хаам бина иттаннаш школашна бомбанаш йохкарх лаьцна

Архивера сурт

Ростов-на-Дону гIалахь масех хаам кхаьчна анонимашкара иттаннаш школашкахь бомбанаш йоьхкина хиларх лаьцна. Берриг а цу тайпа хаам бу лаххара а 25, хоуьйту "Интерфакс" агенталло, шен хьастана тIе а тевжаш.

"КП-Ростов-на-Дону" зорбан гIирсан хьасто дийцарехь, дийцарехь, уггар хьалхара цу тайпа хаам кхечира Горький Максиман урамехь йолчу № 49 школах лаьцна.

Оцу информацина официаланан тIечIагIдар карарчу хенахь доцуш ду, амма журналисташка аьлла, хаамаш толлуш ду шаьш аьлла. Юьйцучу школашна хьалха ха деш бу лерринчу сервисийн белхахой.