Украинерчу Ичкерин агIончашна чIир кхайкхийна Кадыровс

Your browser doesn’t support HTML5

Кадыров Рамзана чIир кхайкхийна Украинин агIо а лаьцна, тIамехь дакъалоцучу къобалъязчу Ичкерин агIончашна. Нохчийчохь меттигерчу бахархошлахь къайлах болам кхуллуш кечамаш барх дIахьедира цара хьалхо. ЧIир йоькхуш стаг верна Оьрсийчоьнан Бехктакхаман кодексо 8 шарна тIера 20 шаре кхаччалц хан кхачайо, йа велла дIаваллац чохь вуьту.