Нохчийчуьра рогIера "лаамхой" Украинерчу тIамехь

Your browser doesn’t support HTML5

Украинерчу тIаме "лаамхойн"‎ рогIера тоба хьажорах дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цул а де хьалха Оьрсийчоьно аннекси йинчу дозанера, дийцарехь, тIамехь дакъа а лаьцна, юхабирзира Кадыровн кIентий. Нохчийн оппозицин телеграм-каналаша билгалдаьккхира, кхиазхоша окоп чуьра герз кхуьйсуш яьккхина видео тIемаш доьлхучу меттиган тӀаьхьашхула яьккхина хила тарло аьлла.