Дагестанерчу Iедало муха хуьйцу Конституци

Your browser doesn’t support HTML5

Шина хийцамо эргIадбахийтина меттигера бахархой: республикан куьйгалхочун даржехь шина хенал сов яккхар доьхку низам дIадаккхар а, мехкан цхьалла ларъяран хеттаршкахула долу жоьпалла регионан куьйгалхочун тIера дIадаккхар а. Дозанаш хийца гIертар кхераме ду, бохуш дIахьедо меттигерчу жигархоша, ткъа Дагестан, Нохчийчоь цхьаьнатоха мега бохуш дуьйцу цхьаболчу депутаташа.