Ичкерин агIончаша Белгородан кIоштахь диверсеш йарх дIахьедина

Your browser doesn’t support HTML5

Украинехьа тIемаш бечу Ичкерин агIончаша дIахьедина Оьрсийчоьнан дозана тIехь "диверсин операцеш" йолорах. Оьрсийчоьнан дозана тIе шаьш довларх зазадокху-беттан 12-чохь дIахьедира Украинехьа тIемаш бечу "оьрсийн лаамхойн корпусо" а, "Сибирера батальоно" а. Цул а хьалха Белгородан кIошта дозанаш лардан хьажийнера Нохчийчуьра эскархой.