Къаьркъа молуш, наркотикаш лелош лецнарш кадыровхоша Украине хьийсабо

Your browser doesn’t support HTML5

Нохчийчохь хIинца а вовшахбетта Украинана дуьхьал тIом бан хьийсон «лаамхой». Меттигера бахархой нуьцкъах тIаме хьийсабо къаьркъа мийларна а, наркотикаш лелорна а аьлла дIахьедира бакъоларъярхочо Янгулбаев Абубакара. Цуьнан хаамашца, корта бахочу хIуманех боьзна нах тIом бан хьийсабо Кадыров Рамзанан «барта омарца».