"Шерашкахь оха ловш долу хIума ду хIара". Дозанал арахьа нохчий хIаллакбан гIертар

Нохчийн мухIажаршна экстрадици йарна дуьхьал Парижехь хIоттийна митинг, Франци, лахьан-беттан 2024 ш.

Эстонин Ӏедалша Оьрсийчу дIахьажийна, шайга тховкӀело йоьхуш хилла нохчийн вахархо. Масех баттахь иммиграцин урхаллаш тешийта гӀиртира иза шена даймахкахь баккъалла а кхерам бу бохучух, амма цуьнан тоьшаллаш тоаме ца хийтира. Дозанал арахьа бехачу нохчашна хьалха лаьтта кхерам тахана а тидаме оьцуш бац, къаьсттина иза гуш ду Закаев Ахьмад вен дагахь цунна тIаьхьабевлла хиларх талламхошна гучудаларца. Тхан сайто дийцаредира нохчийн эмигранташца, Оьрсийчоьнал арахьа а царна тахана лаьттачу кхерамех лаьцна.

Дагахь боцу кхерам

Freedom House-о бинчу хаамца, гергарчу хьесапехь хӀора пхеа пачхьалкхан Ӏедалш тIаьхьадуьйлу шайн критикашна: журналисташна а, жигархошна а, цхьана хенахь хиллачу хьаькамашна а. Цхьана 2023-чу шарахь лаххара а 125 цу кепара гӀуллакх билгалдаьлла царна, тӀелатарш деш, нах байъарна тIера - лецарна а, нуьцкъала экстрадици йан гӀортарна а тӀекхаччалц. И тайпа амалш уггаре а дукха лелош йолчу пачхьалкхашна юкъахь йу Оьрсийчоь а, Камбоджа а, Мьянма а, Туркменистан а, Китай а.

Цуьнца цхьана, францхойн талламхойн Disclose проектан зерашца, Оьрсийчоьно пайдаоьцу Iедалан политикан оппоненташна- политикашна, бизнесхошна, журналисташна тIаьхьабовлучу заманчохь Интерполон кепех. Формалехь дуьйцург ду бехктакхаман гIуллакхашкахула лацар тIедожош кхехьийтина кехаташ, делахь а, BBC-н хьесапашца, тIаьххьарчу иттех шарахь дуккха а аьрзнаш кхаьчна Интерполе Оьрсийчоьнна латкъамаш беш, цара дуьхьал ийдина гIуллакхаш бахьана долуш кхаьчна кехаташ йуха листар доьхуш.

Къаьстина проблема йу Нохчийчуьра бахархошна кхечу пачхьалкхашкахь тIелетарш дар. Къаьсттина дукха и тайпа зуламаш нисделла Туркойчохь, цигахь кеп-кепарчу шерашкахь вийна масех нохчийн диаспоран векал.

Европехь лакхарчу тӀегӀанехь нохчийн оппозицин декъашхой байар дӀадоладелира 2009-чу шарахь, Венин юккъехь Исраилов Ӏумар герз тоьхна вийча. И хилам дуккхаъчарна билгало хилла дIахIоьттира: Нохчийчуьра дӀабаханчарна кхерам уьш мел генахь белахь а тIекхача йиш йара.

2017-чу шеран гурахь Нохчийчоьнца доьзна ши адам дийра Украинехь. Гезгамашин-баттахь Киевехь нохчийн жимстаг Махаури Тимур чохь волу машен эккхийтира. Ткъа гIадужу-баттахь Дудаев Джохаран цIарахчу батальонан командиран хIусамнана Окуева Амина чохь йолу машенна тIе герзаш диттира. Цул а жимма хьалха Францехь вийра оппозицин блогер Алиев Iимран, Мансур Старый цIарца гIараваьлла вара иза. Урс диттина цуьнан дакъа хааделира хьешан цIийнехь. Business Insider гIирсан хаамашца, иза вийнарг воьзначух тера дара Кадыров Рамзанан гуонца.

ТӀаьхьарчу шерашкахь уггаре а чIогIа дийцинчу зуламех цхьаъ дара 2019-чу шарахь Берлинехь Хангошвили Зелимхан вер. Иза вийначу зуламхочунна Красиков Вадимна велла дӀаваллалц набахтехь йаккха хан тоьхнера. Кхелана къаьстира, и стаг Оьрсийчоьнан Ӏедалан тӀедилларца вийна хилар. ТӀаьхьо Москва къар ца йелира Красиков ца хийцича, иза хийцира шайна юкъахь политикан тутмакхаш а болуш. Цо а шеконаш ца йитира, оцу зуламан политикан бух хиларан.

2020-чу шарахь венехь герз тоьхна вийра кхин а Нохчийчуьра цхьа вахархо Умаров Мамихан, иза дика вевзара Венера Анзор аьлча. Иза даим а луьйш хуьлура Кадыров Рамзанна, ткъа шен дIахьедаршкахь йукъ-кара маьттаза къамел а дора до цунна лерина. Оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос бахарехь, цуьнан коьртах 20 миллион долларшкахь ахча кхайкхийнера Кадыровс.

Йоллу лараша Соьлжа-ГIала вуьгу

2020-чу шарахь Швецихь тIелетар дира Абдурахманов Тумсона а. Мила ву ца хуу цхьа стаг цуьнан хIусам чу ваьллера, цул тIаьхьа жIовца иза вен а гIоьртинера. Цуьнан ка йаьллера зуламхочун карара вала а, полици схьакхайкха а. Шведахойн Евле гIалин кхелехь дов хоттучу заманчохь прокуроро билгалдаьккхира, "йоллу лараша Соьлжа-ГIала вуьгу" аьлла.

Оьрсийчоьнал арахьа бехачу нохчийн куьйгаллина дуьхьал болчу нахана йух-йуха а тӀелатарш дина меттигаш алсам бу. Дуккха а меттигаш бу церан аьтто ца баьлла а. 20 шарчохь, репрессешна дуьхьал болу нохчий шайн ма-хуьллу хьийза цхьана Iалашоне кхача: шайна кхерам лаьттачу метте шаьш йуха ца хьийсадайта. Ткъа Ичкерин лидер Закаев Ахьмад вен гӀортар йукъахдаккхар – иза кхин а цхьа бахьана ду Европехь бехачу нохчийн диаспорана шаьш дозанал арахьа а кхерамзаллехь цахиларна сагатдан.

Нохчийн политикан Закаевн агIончас, жигархочо Солтыханов Iелим-Пашас тӀаьхьара бинчу талламийн контекстехь кхетийра, нохчийн эмиграцин векалшна кIело йан тарлуш хиларх болу хаамаш тIечIагIбанза болуш санна тIеэца Iаламат хала хилар тIаьхь-тIаьхьа. Цунна хетарехь, уьш хӀинца деккъа эладитанаш дац, мелхо а, системан жигараллин билгалонаш йу: терго латтор а, хила тарлуш долу тӀелатарш кечдар а, Оьрсийчоьнал арахьа бехачу политикан оппоненташна тӀеӀаткъам бар а.

"Ца бевллачу денна Европехь а, Гергарчу Малхьалехь а бехачу политикашна а, Ичкерин тIемалошна а хIара цхьа абстракте кхерам бац. ХIара кху шерашкахь тхо деха реали йу, кхунах лаьцна оха дIахоуьйту, дуьйцу Оьрсийчоьнан империн политикана дуьхьал мел болучарна. Кхуьнца цхьана дагатосу аса Катарехь Ичкерин хилла президент Яндарбиев Зеламха вер а, Туркойчуьра Ичкерин сийлаллин консул Онлу Медет вер а, кхин болу нохчйн маршо къийсина кIентий а, Литвиненко Александр а, и тептар духа деха ду", - билгалдаьккхира къамелдечо.

Политикан дуьхьалончаш хьийзочу йукъанна къаьсттина ира лаьтташ ду Европехь дIатарбелла бехачу нохчашна депортаци йарца доьзна хаттар, бохуш кхин дӀа а дуьйцу Солтыхановс. Ичкерин бакъонашларъярхоша – Гашаева Зайнапа, Дунаева Розас, Газиева Фатимас, Джабраилова Тинас беш белхаш боллушехь, Amnesty International а, Human Rights Watch а санна йолчу дуьненаюкъарчу организацеша дӀахьедарш динехь а, тховкӀело лоьхучаьргара хьалха а санна хӀинца доьху, царна кхерам латтарх тоьшаллаш, цкъацкъа тоьшалла кехаташца кечдан аьтто ца хуьлу.

"Кест-кеста хаамаш хиэза, Оьрсийчоьне дIабеллачу нохчашна тIехь гIело латтайо, уьш Украинана дуьхьал тIом бан бахийта атрло бертаза, ткъа цигахь баларш нисло бохуш. Оцу контекстехь депортаци йеккъа цхьа низаман процедура йац, амма дахарна тӀаьхьалонаш йуьту сацам бу. Амма европахойн системаша билггал хьуна кхерам бу аьлла тоьшаллаш доьху. Хьуна къайлах Iедалхой тIаьхьабевлла хилча, цунна тоьшаллаш дало Iаламат хала хуьлу, уьш дацахь хьуна тховкIело лур йу аьлла, тешам бац. Иштта цхьа къевлина, хьовзийна лело бюрократи йу-кх, Iаткъам беш, адамийн кхолламаш хIаллакбен", - дерзийра Солтыхановс.

Хьуна къайлах Iедалхой тIаьхьабевлла хилча, цунна тоьшаллаш дало Iаламат хала хуьлу, уьш дацахь хьуна тховкIело лур йу аьлла, тешам бац

Дозанал арахьарчу нохчашна кхерам хиларан хаттар хӀинца а кхачам боллуш тидам тӀебохуьйтуш дац, дуьненаюкъарчу тӀегӀанехь кхин а лерина дийцаре дан а, сацамаш тӀеэца а лерина дац. Цхьана агӀор, дозанал арахьа йолу нохчийн юкъараллаш дика дӀасакъаьстина йуьсу, дукха хьолахь, и повестка дуьненаюкъарчу тӀегӀанехь хаддаза а, системан кепехь а хьалха йаккха координаци а, ресурсаш а ца тоьу, цундела объективехь лахло проблема гуш хилар, билгалдоккху Европехь "Цхьаьнакхетта ницкъ" цӀе йолчу нохчийн боламан векало Музаев Сайхана.

Цкъацкъа, Оьрсийчу депортаци йинчул тӀаьхьа, цхьаццаболчу нохчаша буьззинчу барамехь сацайо бакъонашларъярхошца а, адвокаташца а йолу шайн зӀенаш, и бахьана долуш хIинццалц схьа бина хилла болх бов, билгалдоккху тахн сайтаца къамелдечо. Иза сел дукха адамийн позици хийцаяларца а доцуш, объективан хьелашца а кхетадо: тӀеӀаткъам барца, кхерамазаллин хаттаршца, йа шена а, шен нахана а бала барна кхоьруш, билгалдаьккхира Музаевс.

Iалашонийн тептар кхин а шуьйра хила тарло

Журналисто-талламхочо Христо Грозевс, къайлахчу сервисийн "Центр 795" дакъа гучудаьккхинчех цхьаммо тхан сайтаца хиллачу къамелехь тIечIагIдира, оцу декъан белхахочун Алимов Денисан Iалашо билггал Закаев Ахьмад а, цуьнан гонера нах а хилар.

"ГIарадаьллачу цуьнан йозанашкахь гуш ду и, цу тIехь шен хиллачу ФСБ-ра белхан накъосташца къамел деш ву иза, цаьрга дехар до цо кеп-кепара телефонан номерш зер. Царех дукхахберш ингалсхойн номершца бу, тхуна гучудаьлла, Закаевн гергарчийн и номерш хилар. Шен корреспонденцихь Алимовс а ма боху, и телефонан номерш шен Iалашонан гергарчийн йу. Цундела шеко йоццуш тIечIагIдойла йу, мел лахара а, Алимовн Iалашо Закаев хилар", - дийцира цо.

Нах бойъуш лелачу пачхьалкхан организацешкахь приоритеташ хIиттайо спонсорийн чоьтах

Шен хиллачу белхан накъосташца йозанаш дар оццу муьрехь ду, ФБР-о дийцарехь, нахана вербовка йечу заманчохь бохуш кхин дӀа а дуьйцу Грозевс. Дурович Дарко цӀе йолчу стаг жоьпаллехь хилла нохчийн бахархой лечкъорна а, царна тIаьхьа ваьлла леларна а. "Иза бехкбилларан актехь деша йиш йолуш ду", билгалдоккху цо.

Алимов Денис – 795-чу декъаца воьзна эпсар ву иза Оьрсийчоьнан тIеман куьйгаллина муьтIахь ву, оцу йукъанна цо пайдаоьцу ФСБ-ра белхан контакташца а, цундела иза шеггара лелаш хилла олийла дац, тешна ву Грозев.

"Амма цуьнан Кадыров Рамзанца йукъа лелаш стаг а воцуш, зIе хилар го тхуна, цунах лаьцна, иза шен гергара стаг волуш санна дуьйцу цо йозанашкахь. Шен вайна гергара стаг цуьнга лахийтинарг а ма ву Кадыров. Цундела ала йиш йу, Кадыровн цIарах иза лелаш хилла. Тхуна хууш ду тхешан кхечу талламашкахь гучу ма-даллара, дукха хьолахь нах бойъуш, лечкъош лелачу пачхьалкхан оршанизацеша шайн приоритеташ дIанисйо спонсорийн чоьтех, и бохург хIун ду, цхьанна дуьхьал и операци дIахьуриг ахча дала кийча болчу нехан гIоьнца. Кхузахь ала йиш йу, Закаевн гIуллакхехула спонсор Соьлжа-ГIалара хилла", - дIахьедира къамелдечо.

Оцу тептарехь кхин нах а бу, уьш дуккха а хила йиш йолуш а бу, бохура Грозевс: "Тхо карарчу хенахь къасто а, кхета а гӀерта, муьлха контакташ йу [Алимовс] йуьйцурш, муьлхарш йу цо толлурш, муьлхарш йу церан Iалашонаш, мила хила тарло потенциалан активаш. ХӀунда аьлча, шина а категорехь [Алимовс] вуно кест-кеста омра до шен хиллачу накъосташна таллам бе бохуш. Цундела, со кийча вац хIинццехь церан цIераш йаха. Амма суна хууш дерг, кхаа стагал а сов нах бу уьш- Закаев а, бехктакхаман кехат тӀехь хьахийна волу кхин шиъ а. Церан цIераш билггал тхайна йевзича, тIаккха тхо кийча хир ду уьш нахала йаха".

  • Нохчийн Австрера диаспоран векалша митинг дIайаьхьира Кремс гIаларчу набахтена хьалха. Гулбеллачара тIедожийра бозуш боцу, цIена, эвсара талламаш дIабахьар пачхьалкхерчу набахтешкахь нах баларан хьокъехь. Бакъонашларйархочо, Ичкерин векало Дунаева Розас бахарехь, митингехь вовшахкхеттачара дагалецира белларш, церан кхолламаш. Жигархоша иштта дIахьедира Нохчийчуьра бахархошна депортацеш йан мегарг цахиларх, царна даймахкахь кхерам лаьтташ белахь.
  • ГIадужу-баттахь немцойн полицино шайн пачхьалкхера араваьккхира Берлинехь вийначу ночхийн тIемалойн хиллачу командлиран Хангошвили Зеламхин ваша а, цуьнар доьзалера 12 стаг а.