Къилбан гонашкарчу тIеман кхело листина эскархойн декъера шина шарахь эхашарахь ведда а Iийна, оцу тIехула чохь даккха пхи шо хан тоьхначу контрактхочун Джамбеков Iелин латкъам. Джамбековс доьхура шена тоьхна хан йацйар а, иза а арахь йаккхийтар, хIунда аьлча шен деваша а, бераш а лелош вара ша аьлла. Ишта цо гIо деш хилла "СВО-н ветеранийн ассоциацина" а. Оьрсийчохь "СВО" олу Украинана дуьхьал болийначу тIамах.
Кхелан сацама тIехь йаздина ма-хиллара, Джамбековс Оьрсийчоьнан тIеман министраллица контракт йина хиллера 2023-чу шеран мангал-баттахь. И бутт бовш иза тIеман декъера дIаваханера шен лаамехь, цкъа хьалха Башкортостане, цул тIаьхьа шен хIусамненаца а, берашца а ГIалгIайчу йухавеанера. Цигахь контрактхочун деваша вара вехаш, цунна гIо оьшура. Оцу йукъанна Джамбековн ден таро йацара шен вешига хьажа, хIунда аьлча, иза Москвахь Iаш ву, шен хIусамнана а, бер а лелош. Деваша кхелхина 2025-чу шеран гIуран-бутт бовш, ткъа цул тIаьхьа шо даьлча, 2026-чу шеран гIуран-баттахь Джамбеков тIеман декъе йухавеанера.
Эскархочо чIагIдора, дина таIзар кIеда хила дезара, шена тIехIоьттинчу муьре хьаьжча, цунах къинхетам бар дийхира ишта "ветеранийн ассоциацино" а. Кхело тIе лецира церан бахьанаш, таIзар хийцаза дитина.
- Нальчикера гарнизонан тIеман кхело ГIебарта-Балкхаройчуьра вахархочунна Туровский Виталийна чохь даккха ворхI шо кхайкхийра кхозза тIеман декъера вадарна. Цхьа шо а, биъ бутт а йукъара баьлла цуьнан тIеман гIуллакх ца деш динчу контракте хьаьжча. Иза лецира бевза-безачара цунна мотт тоьхначул тIаьхьа.