Алапаш тIекхетарх хIоттийначу рейтингехь Къилбаседа Кавказан мехкаш тIаьххьарчу могIаршкахь гойту

Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала

Алапаш тIекхетар уггар а меллаша долчу Оьрсийчоьнан регионашлахь билгалйаьлла Къилбаседа Кавказ, йоллу цигара регионаш аутсайдерийн могIаршлахь нисйелла. Уггар а эшна хьал ду ГIалгIайчохь, Нохчийчохь, Дагестанехь.

Талламаш дIабаьхьна оцу хьокъехь пачхьалкхан «РИА Рейтинг» агенталло. Росстатан зерех а, инфляцих а, бахархоша туьканашкахь йечу харжех, ишта кхин дIа долчух а пайдаэцначу говзанчаша лерина, мел хан-зама йаьлча бахархойх ах декъан таро хир йу 200 эзар соьме гергга алапаш эца.

ГIалгIайчохь 22 шо оьшу, Нохчийчохь – 19 шо, Дагестанехь – 15,6 шо оьшу. Царна тIаьхьа йогIу ГIебарта-Балкхаройчоь. Цигахь хIора шолгIачу вахархочун мел лахара а 14 шо даьлча таро хир йу 200 эзар сом алапа эца. Къилбаседа ХIирийчохь (13 шо), Кхарачой-Чергазийчохь (11,6 шо).

Уггар сиха алапаш кхуьучу меттигех йу Ямало-Ненецкан автономин регион, цигахь 200 эзар сом алапа эца оьшур ду ахшо гергга.

  • ХIора ГIалгIайчуьра воьалгIа вахархо бан болх боцуш ву. Иза ледара гайтам бу пачхьалкхехь. Аутсайдерийн тептарехь оцу гайтамца нисъйелла Къилбаседа Кавказан кхин а йиъ регион.
  • 2025-чу шеран жамӀашца, ГӀалгӀайчоь тIаьхьарчу меттехь йара дахаран дикаллех йоллу Оьрсийчоь йукъайалош хIоттийначу рейтингехь. Официалан статистико гойту, пачхьалкхехь уггар а кIезиг рицкъ тIедогIуш, лаккхара белхазалла йолу, дотацех йоьзна республика и хилар. Оцу гайтамаша мел бакъ гойту билггал лаьтта хьал, ткъа регионийн куьйгалхойн таро йуй и терахьаш дестийна гайта, кхин а алсам шайна гӀо-дайтархьама?