"Арахьарчу агентийн" реестрна юкъатоьхна виъ журналист

Гайтаман сурт

Оьрсийчоьнан юстицин министралло Зорбан гIирсаш-"арахьара агенташ" (СМИ-"иностранных агенты") реестрна юкъатоьхна Idel.Реалии проектца болх бина виъ журналист: Григорьева Алина а, Григорьев Андрей а, Гималова Регина а, Хисамова Регина, хаам бо Радио Свобода зорбан гIирсо.

Цул сов, Коммерцица йоьзна йоцу вовшахтохараллаш-"арахьара агенташ" (НКО-"иностранных агенты" ) реестрна юкъатоьхна "Гражданин. Армия. Право" вовшахтохаралла, иза гIо деш ю арме буьгучу кегийрхошна а, эскархошна а.

Верриг а Зорбан гIирсаш-"арахьара агенташ" реестрехь ву 103 стаг а, вовшахтохаралла а, шайна юкъахь Радио Маьрша Европа/ Радио Маршо корпорацин оьрсийн маттахь йолу проекташ а йолуш. Журналисташа лору иза дешан маршонна нисса дIа Iаткъам бан гIертар санна.

Арахьарчу агентех лаьцна низмаш юхадаха Iедал декхаре деш Change.org сайта тIера петицина кIел куьг таIийна 268 эзар стага.