Дуьне васташкахь а, терахьашкахь а.

2015-чу шарахь цул шо хьалхачул 54 процентна совдевлла дерриг дуьнентIехь кхелашкахула байа кхачийначу нехан терахь – 1634. Царех 90 процент кхочу кхаа махканна: ГIажарийчоьнна, Пакистанна, СаIуда Iаьрбийчоьнна. Ткъа Китайхь пачхьалкхан къайле ю и тайпа терахь. Хаамбийриг: Amnesty International

Дуьненчуьрчу массо а пачхьалкхаша тIамна хьежочу ахчанан барам 2015-чу шарахь 1 процент бистина дахначу шерийн жамIашка хьаьжча. ТIаьххьарчу терахьашца 1,67 триллион долларе кхаьчна. 2011-чу шарахь дуьххьара тергоне эцна терахьаш кхиар. ТIеман гIирс кхуллучу пачхьалкхийн лидерш – Iамерка, Китай, СаIуда Iаьрбийчоь, Оьрсийчоь. Бух: Дуьненан проблемаш зуьй Стокголман институт.
 

Ши миллиард доллар ду Оьрсийчоьнан президентан уллерчу гоно офшорашка ханна кхоьллинчу фирманашкахула дIакхачийнарг. Хаамбийриг: Дуьненаюкъара журналистийн консорциум.

2014-чу шеран талламашца, 641, аьлча а, хIора лаьттатIера  8-гIа вахархо бала хьоьгуш ву дегIан йозаллийца. 1975-чу шарахь динчу зерел а шозза лакхадаьлла и терахь. Дуьненчохь алсам бу берстина нах.