Нохчочунна хан тоьхна Шема ваха лаам хиларна

Chechen police

Соьлжа-ГIаларчу Ленинан кIоштарчу суьдо тахана листира Эльснукаев Ахьмадна дуьхьал айъийна бехктакхаме гIуллакх. Цунна бехке дуьллура кхечу махкахь тIамехь дакъалаца лаам хилар. Кхело къастийна, Ахьмад Туркойчоьне а вахна, Шеман доза а хадийна, низамехь йоцу герзанца кечйинчу тобанех дIакхета Iалашо хилар. Амма, цуьнан ка ца делира цунах доьзна доцу бахьанашца шен Iалашо кхочушъян.

Кхело Элснукаевна 3 шо хан тоьхна, царах 1 шо луьра рожан набахтехь даккха.