Байтанча Iаьрбин Шемал
Your browser doesn’t support HTML5
Iаьрбин Шемала яьккхина Нохчийн пачхьалкхан университет. Байташ язйеш ву 14 шо кхаьчча дуьйна. Шен кхоллараллехь Шемала хестабо шен Даймахке безам: цуьнан лаьмнашка а, хишка а, вина-кхиинчу гIале а, бевзачаьрга а, гергарчаьрга а, Деле а. Яздо цо дахарх а, валарх а, машарх а. ПохIмаллин байтанчан кхоллараллах дуьйцу “Маршо Радио-н” корреспонденто.