Берашна жималлехь Iамоза бисина ненан мотт тIаьхьа Iемар бац

Shutterstock - бералла

ГIазакхийн маттаца республикехь лаьттачу проблемина тIе боккха тидам а бахийтина, гIазакхийн хьехархой Нохчийчу кхайкха болийна Нохчийчура Iедалша.
Оццу хенахь, нохчийн мотт а бац дика хила долуш. Иза бийца а, цу маттахь еша хууш а, лууш вуно кIезиг нах бу нохчашна юкъахь.

Шуна хIун дийча нийса хетара ишттачу хьолехь? Муьлха гIулчаш яха езара Iедалша а, шаьш нохчаша а?

Нохчийн а, гIазакхийн а меттан хаарш дуьйцучу хенахь, Нохчийчура бахархой шина декъе бекъало.
Цхьа дакъа – Советан заманера дуьйна тахханаллц Москохо дIакхоьхьучу пропагандех тIеIаткъам хилларш, гIазакхийн мотт ца хиъча, шайга хIокху дуьненахь ког а баккхалур бац аьлла хеташ бу. Царах ву, масала, Новр-кIоштара Бахьа.

Your browser doesn’t support HTML5

Бахьа


Меттанаш дукха мел хии а, гIоли хиларх тешна ю Масар. Амма ненан мотт уггар хьалха а, дика а Iамон беза элира цо.

Your browser doesn’t support HTML5

Масар


Нохчалла а, оьздангалла а йицъяларан бахьана, берашна жималлехь дуьйна цIена ненан мотт Iама ца бина хиларехь го Маремана.

Your browser doesn’t support HTML5

Марем


ПрахIерчу телефонна тIе Германера кост даийтинчу Руслана яздина, «нохчий кхера оьшуш дац гIазакхийн мотт ца хаарх а, шайх кхечу къомаха верг ца кхетарх а. Китайхойн мандарин мотт Iамабахь, миллиард сов стаг, мел лаххара а кхетар ву. Ингалс мотт шарлахь, дуьненан муьлхха маьIIехь вовр вац», аьлла.