ТIерлой-махкара бIаьвнаш

ТIерлойн чIож - изза цIе йолчу тайпан мохк.

 

ТIерлойн бIаьвнийн херцарш. 1944 шарахь вайнахана депортаци йинчул тIаьхьа йохийра цигара ярташ.

 

Замано а херцийна бIаьвнаш. Амма алссам зен дина царна Оьрсийчоьнан эскарийн ракеташа.
 

Шайн дай баьхначу махка нохчийн кхочийла дац Оьрсийчоьнан дозанхошкара пурба доцуш. Лаьмнаш къевлина ду туристашна.

 

Меттигерчу бахархойн маршо ларйина буьрсачу чхарнаша.
 

МоцIарара бIов. ГIаланчож.
 

МоцIара. Шира маьждиг.
 

ПIелгаш тIехь багарбаллал бен бац дайн махка юхабаьхкинарш.
 

БIаьвнаш лаьтта пхьерашкахь леллачу корматталлан къайленна тIехь. Цхьадолчу адаман сонталла ю царна заманал а, Iаламан хьовзамел а кхераме.

 

Юхаденлуш ду лаьмнаш. Бизнесхочо Мусаев Iалавдис меттахIоттийна цхьа бIов.