Чакхе йоцу деган лазам

Шайн бераш лоьхуш бу нохчийн зударий.

Къилбаседа ХIирийчура Бесланера школа тIемалоша дIалаьцначу хьелашкахь, оьрсийн эскархоша герзаш а диттина, бераш дайина 10 кхачар дагалецира кху деношкахь. Иза хьехош шайн дахарехь хилла бохам карлабаьлла иттаннаш эзарнашна тIемаш боьлхуш бераш дайина бехачу нохчашна.

«Мемориала» а, бакъонашларъярхочо Ковалев Сергейс а динчу лараршца, Нохчийчохь шина тIамехь вийна лаххара а 250 эзар вахархо. Царах 42 эзар бераш ду.

Your browser doesn’t support HTML5

Цкъа а дIатуьйра боцу лазам