Нохчийчуьрчу экс-ницкъахошна йаккхий хенаш йиттина 2005-чу шарахь хиллачу терактан гIуллакхехь

2005-чу шарахь Чӏулга-Юьртахь эккхийтар динчул тIаьхьа, архивера сурт

Нохчийчуьрчу террорна дуьхьало йаран центран хиллачу кхаа белхахочунна Булуев Рустамна, Наматов Русланна, Ушаев Артурна чохь йаха йаккхий хенаш тоьхна. Царна бехке дуьллуш дерг 2005-чу шарахь Знаменскехь йина теракт йу. Къилбехьарчу округан тIеман кхело бандитизмехь, терроризмехь, адамийн баларшкахь, ницкъахойн дахарна тIекхийдарехь, кхинйолчу луьрачу артиклашкахь а бехке лерина уьш.

Талламхоша дийцарехь, 2005-чу шеран товбецан-баттахь бехке леринчара бархI стагах лаьттачу бандин декъехь болуш, машенна эккхийтаран гIирс хIоттийна хилла. ГIирс тротилца буьстича, 10 кила кхоччуш болуш. И машен цара Знаменскехь дIахIоттийна. Машенна чохь меттигерчу Семененко Алексейн дакъа хиллера. Иза цара эскархочунна духарца кечвина махкахо вара. Машенна тидам тIеберзош, Булуевс машенна герз диттира. Адам гондхьа гуллушехь, бомба иккхира. Цу терактехь 11 ницкъахо а, виъ машаре вахархо а кхелхира, 30 стагана чевнаш хилира. Бу аьлла хетачу террористех шиъ вийра. Висина кхоъ чохь йаха йаккхий хенаш тоьхна, чубоьхкира.

Булуев Рустамна луьрачу рожехь йаккха 21 шо хан туьйхира. ТIаьхьалонна лейтенант цIе а, Майраллин мидал а дIа а йоккхуш. Наматов Русланна 23 шо туьйхира, тIаьхьалонна прапорщик цIе дIа а йаьккхира. Ушаев Артурна - 24 шо, тIаьхьалонна могIарерниг цIе дIайайира, бохуш дуьйцу кхелан пресс-центран хаамашкахь.

Хьалхо Ушаев Артур а, Наматов Руслан а 18, 19 шераш чохь йаха хенаш тухуш,бехке лерира. Басаев Шамилан, Хаттабан тобанан декъехь болуш псковскан десантана тIелатарш дарна. 2000-чу шарахь Нохчийчоьнан Шуьйта кIоштахь псковскан десантана тIелатар дича, кхелхира 84 оьрсийн эскархо.

  • Знаменскехь йинчу терактан бехке лерина - Кадыров Ахьматан хилла ларвархо Тунтуев Аюб - 2019-чу шеран зазадоккху-баттахь Владимирск мехкан №6 йолчу набахтехь кхелхира. Официалерчу хаамо иза ша шена тIе куьг кховдийна, велла боху. Набахтехь Тунтаевна айхьа диначунна даре де бохуш, таIзаршца сих-сиха гIело йеш хилла.
  • 1990-2000 шерашкахь оьрсийн эскаршна дуьхьалло йиначарна бехктакхаман гIуллакхаш доладо. Жоьпе ца озош ца буьту амнистина йуккъе бахнарш а. Кавказ. Реалии-с дикка кхетош дийцира иштачу цхьана масалах - вежаршна ИдаловгIарна гIаттийначу бехктакхаман гIуллакхех.