49 шо хьалха: Чехословаки лецира Советийн танкаша

Прагерчу Вацлаван майдана евллачу оьрсийн танкашна гобина чехаша. 1968, Марсхьокху-бутт, 21.
 

Протесте бевллачу бахархоша танках йиллина цIе дIаяйъа гIерта оьрсийн эскархой. Прага, Чехословакин Радиона уллехь.
 

Чехословакин компартин цIенна хьалха дIахIуьттуш ю оьрсийн танкаш. 
 

Прагехь протесте бевллачу нахалара зуда ю оьрсийн эскархошца къамелдеш.
 

Пачхьалкхан Радиона гергайогIучу танкашка хьоьжуш лаьтта зударий.

 

Оьрсийн танкаша, хьешна, ягийра наха дуьхьалхIиттийна автобусаш, машенаш.
 

Вацлаван майданахь танкан суртдаккха тIевоьдуш ву фотограф.
 

Прагичу йогIучу танканашна тIулгаш детта протестхоша.

 

Чехословакин Iедалан цIенна хьалха протестхоша дуьхьалтесна автобус хьошуш ю оьрсийн танк.
 

Советан танканаш, гIагIадиллина машенаш лаьтта Прагерчу Республикан майданахь.
 

Эскарша вийна 20 шо долу Кадлек Милан дIавуллучу тезетахь.

 

"Оккупанташ, шайн цIа гIо!" - боху Плзень гIалахь оьрсийн маттахь дIатоьхначу гатано.

 

Чехаша а, словакаша а маршонехьа яьккхина гIулч - «Прагин БIаьсте» - йижорхьама Варшаван Берто шен ницкъ чубалийра Чехославаке. Ах миллион эскархо хьажийнера шина къоманна езаеллла паргIато хьаша.