Дагестанера некъахьовзам: 1 велла, 7 лазийна

Гайтаман сурт

Цхьа стаг велла, ворхI лазийна Дагестанехь хиллачу некъахьовзамехь, хаамбо "Регион онлайно".

Карабудахкентан кIоштарчу Уллубийаулна гергахь вовшахкхетта ши машен.

"КIиранан буса, 20:30 хан йолуш хилла бохам. Ши машен вовшахкхетар бахьана долуш, цхьа стаг вийна, ворхI лазийна, ши бер а ду царалахь", - аьлла Дагестанан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан векало.

Ца бахарехь, лазийначех кхо стаг халачу хьолехь ву.