Дагестанехь виъ стаг лаьцна 110 тонн мехкадаьттан сурсаташ лечкъорна

Гайтаман сурт

110 тонн мехкадаьттан сурсаташ лачкъор бахьана долуш бехктакхаман гIуллакх а долош, виъ стаг лаьцна Дагестанехь. Оьрсийчоьнан Талламан комитето дIахьедина цунах лаьцна, украинхойн тIелетарш бахьана долуш ягоргца пачхьалкхехь къоьлла хIоьттинчу заманчохь

Бехкебечийн цIераш урхалло йохуш йац. Официалан версица а догIуш, вовшахтоьхначу зуламхойн тобано 2025-чу шеран гезгамашин-баттера схьа дуьйна НогIийн кIоштара буру чуьра мехкадаьттан сурсаташ лечкъош хилла. Дуьхьало йоцуш йаккхий машенаш дIасалелийта шайна некъ буьтург, цара кхаъ кховдийна хилла полицин белхахочунна. Цул тIаьхьа чоьхьара гIуллакхийн министралло а, къайлахчу сервисаша а талламаш болийна.

Пачхьалкхан ТАСС агенталло зорбане йаьккхина оперативан видео, цу тIехь гуш ву лаьцначех цхьаъ, цо шен йуьхь лечкъайо.

  • Краснодарера гIалин думин депутат Сафронов Александр реза вацара Оьрсийчоьнан вице-премьер волчу Новак Александрна, "чоьхьара базарна тоъал бензин а, дизелан ягорг а йолуш йу" цо аларна.