Дагестанехь йочана хIоьттина 90 гергга йуьртахь ток ца хилла

Дагестанан лаьмнашкахь, гайтаман сурт

ХIоьттина йочана бахьана долуш 89 эвла ток йоцуш йисина Дагестанехь. Оцу махкахь кест-кеста протесташка бовлу нах тоькаца хьовзам кест-кеста нисбаларна.

Орцан министраллин хаамашца, оршотан Iуьйранна ток йацара муниципалан Буйнакскан а, Гунибан а, Кайтагскан а, Курахскан а, Сулейман-Стальскан а, Табасаранскан а, Хивскан а, Хунзахскан а, Чародинскан а кIошташкахь.

Ток схьайалош белхашна йукъаозийнера 43 электрик а, 12 техника а. Маса адам дисинера ток йоцуш, урхалло билгал ца даьккхина.

Бахьана ду бохура-хIоьттина йочана, оран министарлло хаамбинера Дагестанан дозана тIехь ло тосур ду, мох хьоькхур бу аьлла. Лахьан-беттан 8-чохь хаамбира кIошашкара 12 эвлахь ток хир йац аьлла.

  • Марсхьокху-беттан 13-чохь ХIинжа-гIалахь некъ дIакъоьвлинера кхаа дийнахь тоькаца бала хьоьгуш. Оцу меттиге баьхкинера гIалин чоьхьарчу политикехула йолчу урхаллин хьаькам Кадыров Курбан а, мехкан шахьаран куьйгалхочун хьалхара гIовс Муртузалиев Гаджимурад а, ЖКХ-н куьйгалхо Адаев Уллубий а, "Дагэнергон" куьйгалхо Шапиев Магомедшапи а.
  • Гезгамашин-беттан 30-чу суьйранна токхамаш бахьана долуш зенаш хиллачара ХIинжа-ГIалара Акушинскан проспектехь некъаш дIакъевлира. Цара дIахбедира, хIусамех девлла шаьш, ткъа Iедало тахана а шайн проблема йерзийна йац бохуш.