Дагестанера инарла-лейтенант "ЛНР-н" цIарах Федерацин Кхеташонан декъашхо ву

Абачев Эседулла

Украинан дIалаьцначу Луганскан кIоштара "ЛНР" декъан цIарах Федерацин Кхеташонан декъашхо хилла дӀахӀоьттина Дагестанера Оьрсийчоьнан инарла-лейтенант Абачев Эседулла. Стохка хаамашкахь йаздора, цунна чолхе чевнаш йарх.

58 шо долу Абачев дарже хӀотторах дӀакхайкхийна Дагестанан куьйгалхочун администрацино. Хаамехь билгалдаьккхина, инарлас ша-шех кхайкхийначу Къилба ХӀирийчохь а, Шемахь а тӀом бина хилар а, Украинехь Лисичанск схьайоккхуш цуьнан куьйгакӀел долчу дакъоша дакъалаьцна хилар а. 2022-чу шарахь эскархочунна Оьрсийчоьнан Турпалхочун цӀе йелира.

1968-чу шарахь Цилдик эвлахь вина иза, дешна цо ишта Харьковера танкан командан доьшийлехь. Инарлас ишта тIом бина Нохчийчохь а, Гуьржийчохь а. 2025-чу шеран марсхьокху-баттахь хаамбира, украинхойн эскарша динчу тохаршкахь иза чIогIа лазийна аьлла. Киевн хаамашца, цуьнан куьг а, ког а даьккхинера.

ТIаьхьо цунна "чолхе чевнаш" йина хилар тIечIагIдира оцу хенахь Дагестанан куьйгаллехь хиллачу Меликов Сергейс а. Цо дIахьедира, инарла "пачхьалкхера тоьллачу цхьана тIеман-медикан центрехь" ву аьлла, ткъа цьунгара хьал цхьана эшшарехь ду, амма чолхе ду элира цо. Цуьнан меженаш йахарх лаьцна Меликовс ца хьахийра.

  • Щукин Федор гIадужу-баттахь официалехь тIечIагIвира Дагестанан куьйгалхо ву аьлла. 2026-чу шеран стигалкъекъа-баттера схьа дуьйна ханна оцу даржехь декхарш кхочушдеш вара иза. Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира республикера Iедалхо хийцира, оцу махкахь токхамаш хиллачул тIаьахьа.
  • 2021-чу шарахь дуьйна Дагестанан куьйгалхо лаьттина Меликовс дарж охьадилларх дийца даьккхира охан-баттахь. Гурахь Брянскан кIоштан цIарах Федерацин Кхеташонан декъашхо хилира цунах.